Тахана а, кхана а (Товбеца-беттан 6-чу а, 7-чу а деношкахь) Нохчийчохь, 25 метр чехкаллица мох а хьокхуш, ша а тухуш, даккхийн догIанаш дан мегаш хиларх лаьцна хаам бина респпубликерчу хенахIоттаман говзанчаша.
Орцаллан министраллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, кхерам хIоьттина хиш тIедовларан а, лаьмнашкахь Iовраш хьовдаран а. Цо дийцарехь, гидрологин хьолана техь вуно сема терго еш бу Нохчийчуьрчу гидрометеорологин говзаншчаш.