"Зудчун пусар дан вай Iамахь, доьзалш бухур бац"

Chechnya -- Grozny, Kadyrov says victory in elections,2016

Your browser doesn’t support HTML5

"Зудчун пусар дан вай Iамахь, доьзалш бухур бац"

Нохчийчуьра схьа официалан хьостийн терахьаш мухха делахь а, юкъараллехь дийцарца, вайн махкахь дукха бу къеста доьзалаш.

Маре яхна аьлла гIара а далале, хьенехан йоI цIа еана олий хазадо.

Баккхийчара ма-оллура, "ловзар ду иза-м, нагахь санна цу шинна юкъахь доьзалхо вацахь", амма дукха хьолахь, балица доьрзу селхана тасаделла захало.

Къастаран бахьанаш кеп-кепара хуьлу вайнахалахь: нус Iуьйранна ца гIаьттинера, марда чувеача, цунна хьала ца айъеллера, цIийндена дуьхьал дош деанера… Уггар алсам хеза цу кепара бехкаш.

"И дерриге а цунна латто аьтто боцучу стеган мах а охьаболу зудчун бIаьргашчохь"

КIезиг ца хуьлу социалан бахьанашца къестарш. Белхазалла, циггара юучуьнца-молучуьнца ца хуьлу темаш-товраш.

Советан заманахь массо а адам цхьабоса социалан хьелашкахь дехара, тахана санна хьолахой, къехой аьлла къестамаш боцуш.

Ткъа тахана доьзало юкъийначу зудчунна а лаьа, садаIа яха а, езаниг коч-мача юха а, шен доьзалхо тоьллачу доьшийла вахийта а…

И дерриге а цунна латто аьтто боцучу стеган мах а охьаболу зудчун бIаьргашчохь.

Кху саьхьарчу заманахь, наггахь доьзалехь бен ца хуьлу вовшах кхетарш: сатохалахь, зуда, цхьажимма, дIанислур ду хьуна дерриг а кхана-лама, цхьа дагахь доццу аьтто а хилла, бохуш.

Зудчун пусар ца даран бахьанашца а хуьлу дуккха а къестарш. Iедало шаьш къобал а деш, тIаьххьарчу шерашкахь шишша-кхоккха зударий тIебалош меттигаш нисъелла…

Зударшна бехкамаш а беш, шайна дукха хIуманаш могуьйту кху заманан а-ля Исламан векалша.

Кху деношкахь Iедалан тIегIанехь дийца даькхина махкахь къестачу доьзалийн терахь стамлуш хиларх, Iадатийн бухтIехь еххачу заманара дуьйна кхииначу, оьздачу хотIехь схьадогIучу нохчийн къоман юкъараллехь и боккха лазам хиларх а.

"Къаьстинчу доьзалшна юкъахь маслаIат де боху Iедало"

Мехкан куьйгалхочо рогIерачу кхеташонехь тIедиллина кIоштийн имамашна а, префекташна а, полицин декъийн куьйгалхошна а шайн-шайн эвлашкахь къаьстинчу доьзалийн тептар вовшахтохий, муьлхачу бахьанашца къаьстина а таллий, тарлучийн барт а беш, маслаIате болх болабе аьлла.

Нагахь санна, барт хуьлийла доцучу доьзалехь, нанас шеца дIабигина и доьзал кхиош белахь, оцу зудчун верасашкара кехатца чIагIо яйта боху Кадыровс, шаьш дош ло, шайн йоIа берийн дех а къаьстина кхобучу доьзалх кхана-лама цуьнгара даьллачух, шаьш жоп лург хилар тIелоцуш.

Дукха хьалхе цIийндех къаьстина шен 4 доьзалхо ша хьалакхииначу нохчийн нанойх ю тIаьххьарчу I0 шарахь Германехь еха Зараъ.

ТIехь цIийнда а воцуш, уггар тIеман шерашкахь, бан болх а боцуш, гIийла лол биттинчу цунна дика девза йитина я йиссина Iачу зудчуьнгара хьал.

ХIетте а боху цо, рицкъаш хаьдда, доьзал бухучу далахь, бераш ненаца хила деза.

"Атта буху тахана доьзалаш"

Зараъ: "Атта дахар лаха да а дIавоьду доьзална тIера, ша дIавахначул тIаьхьа, шен доьзална хьалха ша кхи жоьпе хила а ца веза, цаьрга юха хьажа а ца веза олий. Цхьайолу зуда а, оцу деца доьзал а буьтий, кхул а паргIат дахар лохур ас сайна олий, дIайоьду.

Рицкъанаш, кхолламаш тайп-тайпана хуьлу. Оцу доьзало къастархьама боккха болх дIахьо, гIовгIанаш, девнаш. Ткъа и доьзал ца бохо а, ца къаста а бахьанаш ца лоьху.

Атта буху тахана доьзал. Шен доьзал дIа а ца тосуш, кхерч боьхнехь а, и зуда Iен лууш елахь, нийса хета суна. Бераш охьа ма дахкалаш олу ас, хIуъа хуьлуш делахь а. Вита стаг, шен ма-ттов, кIордийча юхавоьрзур ву, нана нана хила еза доьзална".

Мехкан куьйгалхочо телевизионан эфирехь боху, вайн махкахь мел ден зуламаш нанас ша цхьамма кхиочу доьзалшкара хуьлуш ду.

Иштачу 100 доьзалшна юкъахь 5 бен лартIехь ца хуьлу боху цо.

Хуьлийла дуй-те иштта? Муьлхачу нанна луур ду шен доьзалхо нехачул а оьшуш хуьлийла? Махкана, нахана хьалха юьхьIаьржа хIотта?

Нохчийн наноша тIехь дай а боцуш кхииначу къонахийн цIераш исторехь яха йисина.

Дадин Айбика, Жерочун кIант, Адин Сурхо…

Хийла дикачу ден вон кIант а кхуьуш, хийла вочу ненан дика кIант а хуьлуш дуьне ду-кх хIара, боху Маршо Радиоца къамел динчу Зараа.

Ткъа хууш ма-хиллара, нохчийн юкъараллехь долуш ду, берера диканиг далахь, ден хуьлуш и доьзалхо, вониг далахь нана бехкеозош.

"Нанас Iуналла ледара дина олий, бехк нанна тIе тотту вай"

Зараъ ю кхи дIа дуьйцуш.

Зараъ: "Хийла нанас ша кхииначу доьзалх дика кIентий бевлла, хийла оьзда йоьIарий бу. Хийла "ас", "со" бохучу , даккхий догIмаш долчу къонахийн йоI галъялла, кIант галваьлла меттигаш бу-кх.

Нанас Iуналла ледара дина олий, бехк нанна тIе тотту вай. Цхьаммо а ца хотту оцу зудчуьнга, хьуна хала дуй, хьуна гIо оьший, олий. Ша шен берашца, йиина, яанза, бала токхучу оцу ненан доьзалера цхьаъ далахь, и нана дуьнен тIе а йоккхий, сийсазйо. Хила язделларг деца а хир ду, ненаца а хир ду".

Нохчийн хьалха, 50-70 шо хьалха доьзалан институт хила хIора хIусамехь, шайн кIант а, йоI а, доьзал кхолларна а, лело дезачу гIиллакхашна, гIуллакхашна Iамош. И ламаст доьхна, юкъара дIадаьлла. Ткъа тахана Iедал юхаметтахIотто хьийза и доьзалан институт.

Доьзал дуьнечу боккхург зуда ю, берана аганан илли олург а зуда ю, кхерчан цIе латториг а зуда ю…

ТIаккха, уггар а хьалха, и зуда лара а, цуьнан пусар дан а Iемича, лаьттар бацара доьзал?