Нохчашка сатухуш хиларе кхайкхина Сайтиевс

Бувайсар Сайтиев.

Мангал-беттан 25-чу дийнахь Дагестанерчу Ленинаулехь, дуккха а наха дакъалоцуш буй-тIарий а еш, дов иккхинера нохчийн а, суьйлийн а кегийрхойн. Цу хьокъехь шен Инстаграмерчу агIонехь шена хетарг хаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчо, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Сайтиев Бувайсара хаам бо grozny-inform.ru сайто.

«Казбекан кIоштан проблема хьакхалуш ю Аухан кIошт юхаметтахIотоца йоьзначу проблемица. И проблема бахьана долуш ду цу кепара конфликташ хилар», - яздо Сайтиевс.

Сайтиевс сатухуш хиларе кхайкхина нохчий, социалан машанашкахь яздийриг тергоне а ца оьцуш, эладиттанашка ла а ца дугIуш. Зуламхойн а, низамаш дохочу нехан къам дац, царна даржашка хьажна доцуш таIзар дийр ду, боху цо.