Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, Дагестанерчу Казбекан (Аухан) кIоштахь дуьхьалонан акце арабевлла Ленинаулера а, гонахарчу ярташкара а, ткъа иштта Нохчийчуьра бахархой а дIасабевлла. Иза дан аьтто баьлла, Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад веанчул тIаьхьа.
Даудов цхьаьнакхетта кIоштан куьйгалхошца а, полицийн хаькамашца а.
Суьйлийн а, нохчийн а кегирхойн дов даьллера ши кIира хьалха. Уьш дIасакъасто юкъагIоьртинчу полицино аьккхашна ницкъ бина хиллера: 10 йиттинера, 3-нна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера.
Иза ла а ца делла нохчаша Ленинаулан юьртан йистехь лаьттачу полицин блок-постехь дуьхьалонан акци йолийнера. Маьрша нахана йиттинчарна таIзар дар дехарал сов, цара хьалхатеттинера Казбекан а, Новолакан а кIошташ нохчашна юхаерзае аьлла.
Тахана хьал дортIедало аьтто баьллехь а, конфликт д1айирзина яц бохуш саготта бу Нохчийчоьнан а, дагестанан а дозанна шина а агIор беха нах. Аухан гонаха лаьтта конфликт дIаерзор дукха дахделла аьлла хета Нохчийчоьнан Iедалан векална Гудаев Лёмина.