21 шо долу йоI ядорна бехке ву Старопол-махкарчу Александровски кIоштара кхо вахархо, боху меттигерчу талламчаша.
Цара динчу зераша гайтарехь, эладитанаш даржадо аьлла, шайна евза и йоI кхеро дагахь, буса иза ехачу цIийнара ницкъаша ядийна, машенахь гена боцчу ишалтIе а йигина, цигахь цхьана ханна латтийна кхааммо.
Уьш схьалецна, таллам бу дIахьош, хаамбо Ставропол-мехкан талламан комитетан урхалло.