Трамп Доналда ша Путинца G20 саммитехь дина къамел шога дара, боху Reuters агенталлана еллачу интервьюхь.
«Ас Путинца къамел вуно шога дира» - аьлла цо.
Шина пачхьалкхан куьйгалхойн - Оьрсийчоьнан, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн – юкъаметтигаш тергонехь а ю, доккха маьIна долуш а ю, царех дозуш дуккхаъчу адамийн дахар хиларна, аьлла хета Трампна. Масална цо хьахийра Шемара хьал, иза машаре дерзо дезаш хилар а.
Британерчу агенталле, шена хаа оьшу, баккъал а тIекаре варий Путин шеца дечу къамелехь, бохура Iамеркан лидеро.