Дадаев Заурна 20 шо хан тоьхна

Москох тIеман кхело политик Немцов Борис внрна бехкевечу Дадаев Заурна 20 шо набахтин шога хьелаш а, I00 эзар сом гIуда а кхайкхийна.

Цуьнан бераш хилар а, белхаш бинчу меттигашкахь дика вуьйцуш хилар а лерина цуьнгахьа.

Ваьккхина иза, иштта, Доьналлин орденах а, лейтенантан цIарх а.

Дадаев тIе ца эцна бехк.

Хьалхо прокуроро оьмар кхачаяллалц набахтехь иза кхабар дехнера кхеле.