ГIалгIаша бусалба дин тIеэцна 170 шо кхаьчна

Шаьш ислам тIеэцна 170 кхачар зикаршца, мовлидашца, сагIанаш дахарца даздина гIалгIаша. Мехкан барамашкахь дакъалаьцна ГIалгIачоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а.

Луларчу мехкашкара дуккха а хьеший баьхкинера ГIалгIайчу. Барамийн декъашхоша дагалецира вайнахалахь дин даржош, чIагIдеш ваьхна Устаз Кишин Кунта-Хьаьжа.

1847 шарахь Кунта-Хьаьжина тоба а деш, бусалбалле бевлла дуккха гIалгIай, яздо Ingushetia.ru портало.