Иракъерчу Мосулехь нохчийн кIант карийна

Мосул гIала яьккхинчул тIаьхьа цигахь карийначу нохчийн берах видео яржийна Иракъан эскарша. 4 шо долу Тагиров Билал ву иза, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах 2015-чу шарахь дIакхеттачу Тагиров Хьасанан воI.

Болчу хаамашца, беран ненахой АшахановгIар Соьлжа-ГIалин Пригород олучу юьртахь бехаш бу. Дехой Ведана кIоштара бу цIера.

Иракъан пачхьалкхан эскархойн кара и кIант кхачарх видео ю Интернетехь лелаш. Нохчийн Урдунерчу диаспоран хьосташа чIагIдо и кIант нохчийн хилар.

И хаамаш бина "Кавказ.Реалии" портале Урдунерчу нохчех схьаваьллачу политико Бено Самиха.

Шен болчу ницкъашца и жима кIант Урдуне сехьаваккха гIерта и политик.