Таркхойн хIордо яьхьна ши йоI лоьхуш бу орцанхой

Избербашехь Таркхойн хIордо яьхьна ши йоI лоьхуш бу Дагестанера орцанхой. Шина йоIаца дIатакхийна цушиннан нана а, ненан нана а карийна.

Regnum агенталло яздарехь, ши йоI кIелхьараяккха гIертачу хенахь хи буха яхана йоккха ши зуда. Шина йоьIан 5, 9 шераш хилла.

Регионан Орцан министраллан хаамашца, кхаарийн Iуьйранна а декъий каронза ду.