"Новая газетан" журналистан хIусамна тIелатар дина

"Новая газета", "Эхо Москвы" ресурсийн журналистан Латынина Юлин хIусамна дина тIелатар таллар тIедожийна Оьрсийчоьнан журналистийн юкъаралло. Цара бахарехь, журналистан хьежамаш а, цуьнан болх а бахьана долуш дина и зулам.

"Цуьнан позици мухха елахь а, журналистан могушаллана я цуьнан дахарна кхерамаш тийсар магийта йиш йоцург ду", - аьлла дIахьедина организацехь

Кхаарийн буса муьлш бу ца хуучу наха химин коьчал йоьттина Латынинан кораш тIе. Цуьнан хьожано садукъдина, Iетточу хьоле яьккхина хилла иза. Журналист йоцург а, кхи а 7 стагна зен дина оцу белхо, бу царлахь къаной а, бераш а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан юкъараллан кхеташоне дехар дина "Новая газетано" экспертиза а яй, талламаш болабе аьлла.

Иштта доьху цара, стохка аьхка журналистна Латынина Юлина динчу тIелатарх шаьш бинчу белхан зераш а шайга схьакхачор.

ХIетахь иштта цабевзачу наха фекалий олу дIовш тIеIанийнера цунна.