МерайоI цаезарна набахте хьажийна десте

Шела гIалин кхело теллина стохка гурахь шен мерайоIе боцчу безамца Элисаева Джамиляс цуьнан могушаллина хаъал зен дина хилар. Талламхойн версица, дагийна урс 9 шо долчу шен мерайоьIан гIогIа тIехь а латтийна, цунна чевнаш йина хилла дестечо.

Прокуроран позицина тIе а тайна, кхело Элисаева бехкехилар чIагI а деш, набахтехь яккха ши шо хан кхайкхийнера цунна.

Амма зудчун карахь жима ши бер хиларна, низамашца а догIуш, уггар жимахдолчун 14 шо кхаччалц кхел кхочушяъран гIуллакх ханна дIатеттина суьдхоша.