Муцураевн иллеш бахьанехь лекъаш дац кхелахойн таIзарш

ГIуда я де-буьйса чохь доккхуш таIзар дан таро ю Нохчийчуьрчу вахархочунна Исраиловна, "ВКонтактерчу" шен аккаунтехь вевзачу бардан Муцураев Тимуран эксремизме лерина иллеш даржорна. "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало бина и хаам.

3 бIе гергга сом я чохь яккха 15 де а, буьйса а кхачадо низамаша цунна аьлла, билгалдаьккхина махкарчу прокуратурано.