Евкуровс машен ца елла кIантана шега ехнашшехь

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека шоьтадийнахь Магасехь тIеэцначу бахархошлахь 4 шо долуБорзиев Мухьаммад а вара. Куьйгалхочун сайто хаамбарехь, жимчу кIентан боккха лаам хиллера Евкуров вовза а, цуьнца къамел дан а.

Кехата тIехь басаршца йиллина республикан байракх еанера кIанта куьйгалхочунна совгIатна. Карарчу беттан 30-чу дийнахь вина де ду Евкуровн. Жимачу Мухьаммадан вина де а шечуьнца нисделлий хиъначу куьйгалхочо хаьттинера, хIун совгIат ша хьайна дан лаьара хьуна аьлла. Полисхойн машен ехнера кIанта.

Ткъа мехкан куьйгалхочо совгIатна вилспет елла Борзиев Мухьаммадна.