«Ростов» эшийна «Ахмато»

Оьрсийчоьнан футболан чемпионатехь шен шолгIачу ловзарехь «Ростов» тоба эшийна Соьлж-ГIаларчу «Ахмато». ЖамI – 1:0.

«Ахмат» футболан тоба хьошалгIахь толарх лаьцна кхаъ боккхуш хаам бина шен Instagram-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, матчан шолгIа тайм йоьдуш 55-чу минотехь буьрка чутоьхна Садаев Заура.