КIирансарахь малбузехь а ойла йолчу "Европан Гуьржийчоь" партин декъашхошна а, националистийн а тасадаларш хилла Гуьржийчоьнан коьртачу гIалахь Тбилисехь. Европехьа ойла йолу парти хилла «Оьрсийчоьнан фашизмана - хIа-хIа» цIе йолу акци дIахьош. Цу партин жигархошна хетарехь, националистийн вовшахтохараллашна ахчанца гIоhтор еш ю Кремл.
Националисташ гучубевлла митинг дIахьочу меттехь. Цара шайн дуьхьалончашна тIекхисcина пластикан шишанаш.
"Европан Гуьржийчоь" партин декъашхойн буьйлабалар хилла 10 де хьалха националистийн буьлабалар хиллачу маршрутаца. Националисташ доьхург дара къайлаха Гуьржийчохь болу иммигранташ махкахбахар.
Шаьш националисташа тIе ца дуьду шайна гIортор еш Кремл ю бохург.