Нохчийн доьзал махкахбаккхарна дуьхьало ян гIоьртина Венера журналист

Iуьйранна ворхI сахьт долучу хенахь Венерчу Реннбан урамехь бехачу нохчийн доьзалан кхерча хIиттина хилла меттигерчу хийрачийн а, мигрантийн а хьукматан белхахой нохчийн цхьа доьзал (дай-наний, церан ялх беррий) депортацин набахте дIабигар Iалашонца.

Цу хенахь цу чохь нисвеллачу доьзалан дендас оьгIазлонца тIеэцна Iедалхой. Маршо Радионе Венерчу полицино бинчу хаамца, 58-шо долу и стаг цкъа хьалха оьгIазлонца лийна полисхошка. Цул тIаьхьа тасадаларе даьлла гIуллакх, нохчочо цхьа полисхо охьа а тухуш.

И дар-дацар дIадоьдуш а долуш, цу хIусаман неI тоьхна ша цу доьзалан доттагI ю бохучу цхьана зудчо. Ша чу ца яийтича ша меттигерчу „Винер цайтунг“ газетин журналист ю аьлла цо. Полисхошна хетарехь, шайна депортаци еш хиларх кхеттачу доьзало хаам бина хилла цуьнга.

Полисхоша чIагIадерехь, ша чу ца йитача иза вуно буьрса лийна цаьрга, цхьанна когах цергаш а юхкуш. И бахьана долуш пачхьалкхан векалшна дуьхьало ярна бехктакхаман гIуллакх схьадиллина журналистана дуьхьал. Махкара арабаккха лерина болу нохчийн доьзал депортацин набахте дIабигина. Ткъа полисхойх летта стаг лаьцна полисхойн декъе дIавигина.