ФСБ-н белхахоша ша хьийзийна боху Азимовс

Азимов Акрам.

Петарбухерчу метрохь теракт еш дакъалаьцна аьлла лаьцна волчу Азимов Акрама прокуратуре латкъам бина, ша лаьцна болу ФСБ-н белхахой кхеле озабехьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан адвокато Динзе Ольгас, хаам бо Интерфаксо.

Цо дийцарехь, Азимовс латкъам бина ша ГIиргIизойчохь лаьцна харцонца Оьрсийчу валийна ФСБ-н белхахоша аьлла, дIалацале кара граната а елла. Цо чIагIдарехь, ФСБ-н белхахоша иза къиза хьийзийна цхьана къайлахчу меттигехь.

Кхубеттан 24-чу дийнахь Азимовн адвокаташа Динзе Ольгас а, Дмитрийс а дехар дира Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуре, ФСБ-н къайлаха набахтеш ю аьлла шайга Азимов Акрама а, цуьнан вашас Аброба а бинчу хаамна таллам бахьара аьлла.

Петарбухехь метрохь теракт хилира Охан-беттан 3-чу дийнахь. Цу бохамехь вийра 14 стаг, 50 чевнаш хилла вара. Талламхошна хетарехь, эккхийтар динарг ву 22 шо долу ГIиргIизойчура схьаваьлла Оьрсийчоьнан вахархо Джалилов Акбаржон. Цу гIуллакхехула лаьцна ву 10 стаг.