Воронежехь нохчийн зударшна ницкъ бина полисхочуьнца хиллачу наха

Воронежехь бераца хиллачу нохчийн шина яхархочун, цаьршиннах цхьаъ кхиазхо ю, тIелатар дина, полисхочун барзакъ доьхна стаг уллехь а волуш хиллачу, муьлуш бу ца хуучу наха.

Цара кехаташ хаьттина нохчашка, зудчуьн карара телефон схьаяккха а гIоьрташ, ницкъ а беш.

И инцидент хилла Товбеца-беттан 27-чу дийнахь, Воронежерчу цхьана урамехь. Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, гойтуш бакъонан кехаташ а доцуш, уьш гайта аьлча а тидам а ца беш, нохчашкара кехаташ гайтар доьхуш хилар.

Цу нахах цхьаъ тIелета ша телефонаца видео тIе воккхуш йолчу зудчун, цунна ницкъ бан гIерташ.

Гонахбевлла шовинистийн маьхьарш детташ бу меттигера бахархой-баккхийн зударий. Девна юкъагIоьртина цу шина зудчун гергара стаг лоций машен чухааво, полицин духар доьхна стаг хьалха а волий.

Хилларг бахьана долуш цхьа а комментарий йина яц я Воронежан Iедалан векалш а, я полицин хьакамаша а.