Нохчийчуьрчу "Э" центро толлур ду Воронежерчу яхархочо нохчашка багаеттар

Экстремизмана дуьхьало ечу Нохчийчуьрчу Центро таллам бийр бу Воронежера яхархочо нохчашка багалеяр хьокъехь, хаам бо «Кавказ.Реалии» сайто. И зуда нохчийн йоIе багалееш юкъагIоьртинера Воронежехь нохчий доьзалца полисхоша харцо лелочу хенахь.

ХIинца цо дийцинарг экстремизан чулацам болуш ду-дац къастор ду Нохчийчуьрчу «Э» центро. Нагахь иза бехке хилар тIечагIдахь багайиттинчу зудчун хан тоха мега.