Коммуналан декхаршна юха а тIаьхьадаьлла Iедал

housing and public utilities

Нохчийчуьрчу бахархошкара 20 миллион гергга декхар охьадиллийтина пурстоьпаша коммуналан хьаштех. Нуцкъаша ахчанаш схьагулдеш Iедалан белхахой леллашехь, декхарш лахлуш дац. Газах декхар тахана а 13 миллиард ду, 800 миллион сов ду тоьках а.

Шо доладелчхьана пурстоьпаша 90 вахархочун доларчу гIирсана конфискаци йина, декхаршна дуьхьал 2 эзар стагна дихкина пачхьалкхера аравалар.

Марха дестинчул тIахьа меттигерчу Iедало юха а жигара даьккхина, схьагулдо бахархошара хьарчийна коммуналан декхарш.