Iедална декхар болчийн хьокъехь низамаш хийцина

Карарчу шеран байначу баттахь хийцамаш бина федералан низамо пачхьалкхана декхаре болчу нахана ханна махкал арабовлар доьхкучу артиклашкахь. ТIейогIучу хенахь, нагахь санна 10 эзар соьмера 30 эзар соьме кхаччалц декхар тIехьарчийначун бакъо хир яц кхечу пачхьалкхе ваха. Шен лаамехь декхар такха Iедало луш ю ши бутт хан. Оцу хийцамо сихо йойтур ю бахархошка тIехь долу декхарш дIатакха.

Кху шеран ГIадужу-баттахь лела долало и керла низам.