Кадыровна новкъадеана Оьрсийчоьнна санкцеш тохар

Оьрсийчоьнна Iамерко дуьхьал яьхна санкцийн хьокъехь вистхилла Кадыров Рамзан. Цо бахарехь, эзар некъаш кховдийна Оьрсийчоьно Iамеркаца юкъаметтигаш тоян Iалашонца, хIоразза а Вашингтонехь бахьана карадо хьал буламехь латтон.

"Ма дарра аьлча, Iамеркао Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш тоьхна ца Iаш, Малхбузен пачхьалкахшна шайн меттиг гайтина, церан экономикан, политикан лаамаллина доза а тухуш", - яздина Кадыровс Инстагпамехь.

Иштта дIахьедина мехкан куьйгалхочо, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш Вашингтонна шайнна бале евр ю, Штатийн, цуьнан бартхойн юкъаметтиг а эгIош.