Нохчийчохь машенах тоьхна... кема

Тамашийна некъахьовзам хилла Нохчийчохь Шелковскан кIоштахь Оьрза-ГIалан (Червленная) йистехь. Кема тIекхетта некъайистехь лаьттачу машенна.

И инцидент хуьлуш яьккхина видео хIоттийна интернетехь, авари хуьлуш гиначара.

Машенаш дIасалелачу некъа тIера кема тIемадаккха гIоьртина пилот, амма иза дан меттиг ца тоьъна цунна.

Маршо Радион хьасто хаам барехь, цу кеман пилот ву Хашаев Хасамбек.

Цуьнан ког лазийна, кхин вийна-ваьккхина стаг вац.

Your browser doesn’t support HTML5

Машенан новкъахула стигалдала гIоьртина кема Оьрза-ГIалахь