Къилбаседа Кавказера 13 500 стаг дагахь ву кхушара ХьаьжцIа ваха

Кхушара Къилбаседа Кавказера 13 550 стаг дагахь ву ХьаьжцIа ваха, хаам бо ТАСС агенталло. Уггар йоккха тоба ю Дагестанера – 8 эзар стаг. СаIудан Iедалша Нохчийчоьнна елла квота ю 2600 стаг. Иза ерриг юза аьтто ца баьлла.

2017-чу шарахь ХьаьжцIа 150 стаг вахийта дагахь ю Кадыровн фонд. Кхин а 100 стагана гIо а дийр ду цо иза дан.

Иштта кхушара ХьаьжцIа ваха дагахь ву ГIалгIайчуьра 1 400, Кхарачой-Чергазойчуьра -114, ГIебартой-Балкхаройчуьра - 400, Ставрополан кIоштара - 400, Къилбаседа ХIирийчуьра - 100 стаг.

Нохчийчуьра хьаьжой эцна доьду хьалхара кема тIемадера ду Соьлж-ГIалара Марсхьокху -беттан 18-чу дийнахь, Дагестанера (ХIинжа-гIалара) - 14-чу дийнахь. Кхечу республикашкара СаIуде доьду кеманаш гIовттур ду Минводера 17-чу дийнахь.