Захаров-Нохчо Петран каш карорах дуьйцу прессехь

170 шо дара, Дади-Юьрт ша ягийча, Кавказан проконсуло Ермоловс дIавигинчу суртдиллархочун-академикан Захаров-Нохчо Петран каш 1илманчаша лоьху.

Оьрсийчоьнан Академин Iилманан информацин институтан белхахочо Шахбиева Мадинас (иза ша а ю нохчо) яьстина и къайле кхо кIира хьалха – цунна карийна Москох Ваганьковн кешнашкахь, зудчун гергарчу ПостниковгIаьрца дIавоьллинчу Захаров-Нохчочун каш.

Шахбиевас бинчу балхах лаьцна дуьйцу ша кIирандийнахь бинчу хаамехь Оьрсийчуьрчу «Национальный альянс» информацин агенталло.

Шахбиева Мадиница къамел дира Маршо Радионо цунна каш карийначу деношкахь.