Италхо вер толлуш, 3 нохчо лаьцна Испанехь

Испанерчу Льорет-де-Мар гIалахь дискотекехь шоьтадийнахь иккхинчу девнехь 22 шо кхаьчна Италин вахархо вер толлуш лаьцна Францера садаIа вахна хилла кхо нохчо.

El Mundo газето дийцарехь, Каталонин полици ю хаам баржийнарг. 20, 24, 26 шераш ду лецначийн.

Лазийна италхо дарбан цIийне кхачийна, амма дIаваьлла лоьрийн карахь.