Нохчийчохь йочана кхайкхийна говзанчаша

Мехашца хирдолчу догIанаша зенаш дан тарло, ларлуш хила аьлла кхайкхам баржийна Нохчийчуьрчу орцан министралло. Кхаарийн-еарийн деношкахь юкъ-юкъарчу кIошташкахь къора а тухуш, догIанаш хир ду, мехаш хьоькхуш.

Говзанчаша бахарехь, хIоьттинчу йочано хиш тIедаха кхерам бу. Лаьмнийн ярташкахь токхамаш хила а герга ду боху махкарчу орцан хьукмато.