107 стагера машенаш яьхна Iедало Нохчийчохь

ТIаьххьарчу эхашерачохь Нохчийчоьнан кхелаша регионан прокурора бахархошна машенаш лело бакъонаш йоьхкуш чуделла 107 администативан гIуллакх листина. Прокуратуран талламаша гучудаьккхина, и нах алкоголизман, наркоманин, токсикоманин лазаршца боллушехь машенаш хоьхкуш хилла. Ткъа лоьрийн комиссино еллачу бакъон тIехь цхьана а кепара сиркхонаш яц аьлла тIечIагIдина ду.

ХIетте а наркологин диспансеран тептарехь болчу оцу наха маьршша хоьхкуш хилла машенаш, некъа тIехула лелачарна кхерам а бохьуш.