Хьаша верна набахте кхачийна ТIехьа-Мартанара жима зуда

Меттигерчу яхархочунна Атабаева Лаурина дуьхьал даьккхина зуламан бехктакхаман гIуллакх теллина ТIехьа-Мартанарчу кIоштан кхело. Суьдхоша тIечIагIдина, шен хIусаме веанчу Джанаралиев Халидца дов даьллачул тIаьхьа цунна урс диттина хилар Атабаевас. Чевнашца дарбан хIусаме кхачийнера Джанаралиев.

Зуда бехк тIехь а буьтуш, набахтехь даккха 3 шо хан тоьхна кхело.