Оьрсийчохь къаьркъа малар лахделла

Ерригоьрсийчуьрчу юкъараллана хетарг зуьйчу центро (ВЦИОМ) бинчу талламашца, тIаьххьарчу шарахь Оьрсийчуьрчу бахархошлахь къаьркъа малар лахделла. Церан жамIашца, 39 процент бахархоша къаьркъа молуш данне а дац.

Хаддаза молу 59 процент бахархоша. Баттахь 1-2 къаьркъанах кхета 16 процент нах.

Ткъа хаттам биначарех 4 проценто хьалхачул а алсам мала дуьйладелла шаьш аьллла.

Социологашна хетарехь, 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан бахархошлахь таханчул а кIезиг хир бу алкоголца гергарло дерш.