Министрна таIзар дина Кадыровс

Нажи-Юьртарчу Бенахь кху деношкахь вовшахкхеттера Нохчийчоьнан Iедалан урхалчаш. Цигахь экономикан, йохка-эцаран министро Магомадов Iабдуллас шен белхан динчу жамIашна резацахиллера Кадыров Рамзан.

Шен Инстаграмехь язйина куьйгалхочо: "Министрна таIзар дан проект кечъе яьлла ас".

Цул совнах, Нажи-Юьртара ког ара ма баккха аьлла министре, дийца долийна гIуллакхан чакхе хиллалц, дуьйцу «Керланаш» агенталло.