Яндарбиев Зеламха. Суьйренан элеги

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Суьйренан элеги

Яндарбиев Зеламха

Суьйренан элеги

Декхна Iаьнан де
Анайистехь ле,
Цунна тIаьхьахьоьжучу,
Буьйсанах ца хьоьгучу
Хьан юьхь дуьхьал, нийсса,
Са а доьIуш шийла,
Суьйре юссу, сихлой
Мокха йовлакх тилла.

Юьртан урамаш а
ДIатоь... Урамашкахь
Самадуьйлу цIенош,
Корийн бIаьргаш къерзош,
Къамелашка дуьйлу,
Сарралц дайнарш дуьйцуш;
Седарчий а оьгу
Царга кхача хьоьгуш...