ПIераскан Iуьйранна леринчу пресс-конференцехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Вольфганга динчу дIахьедарца, 9 нохчо лаьцна меттигерчу полицино, „мафин тоба“ а кхоьллина, зуламаш лелош гучу а ваьлла. И нах, Маршо Радионера информацица, кхаарий Iуьйранна лецна бара, амма пIераскане кхаччалца Iедалхоша лачкъийна латтош дара цаьрца доьзнарг.
Лецарш дIадаьхьна Венехь а, Санкт-Поьлтенехь а, Кремзехь а. Юкъарчу хьесапехь 16 петарахь лехарш дира 150 Iедалхочух лаьттачу полицин леринчу ницкъаша. ШозлагIчу дийнахь кхин а масех Венерий, Залцбургерий петарш теллира Iедалхоша.
Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро динчу дIахьедарца, лаьцначаьргахь гучудаьлла дуккхаъ герз а, ткъа иштта корта бахон молхнаш а. Уьш бехке беш бу криминале тоба а кхоьллина, талорш дарна, масала, рэкет а еш, нахера ахчанаш дахарна, низамца доцуш герз лелорна, шантаж ярна, шаьш де аьлларг ца динчу бизнесхойн бахамашна я белхан меттигашна цIераш тийсарна.
Цул совнаха, корта бахон молхнаш дохкарна а бехке беш бу лийцинарш. Министро чIагIдарехь, лийцинчарна юккъехь цхьаъ тунизхо ву, кхинберш массо а нохчий бу. Амма Маршо Радиона лецначеран гонера хиина ма-хиллара, царна юкъахь мел кIезга а цхьа суьйли а, цхьа гIалгIа а ву.