Даймахке лестачу мухIажиршна Австрино депортаци ян кхерам бу

Даймахка хьажа хIотта оьхуш болу бIеннаш мухIажарш гучубийлира Австрерчу Iедалшна. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедарца, кху шеран хьалхарчу пхеа баттахь 651 мухIажар гучуваьлла, уьш шайна ницкъбарах а, кхерамех а бевддачу мехкашка хьажа-хIотта я хьошалгIа бахана хиларна. Цаьргара массаьргара а азюль олуш йолу тховкIело дIаяккха Iалашонца царна дуьхьал процессаш йолийна Iедало.

И терахьаш меттигерчу НЕОС олучу партино бинчу парламентан хаттамна жоп луш дахкийна меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Уггаре а дукхах даймахка хьошалгIа мухIажарш оьхучу пачхьалкхашна юккъехь ОвхIан мохк, Иракъ, Эритрея, Оьрсийчоь ю аьлла дара цу хаамехь кхин дIа а.

Маршо Радионе Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало бинчу хаамца, цу мухIажаршна юккъехь маса нохчо ву бохург билгала ала хала ду. Австрехь тховкIело йоьхурш доккхачу декъехь Къилбаседа Кавказера нах хиларна, уьш Дагестане а, Нохчийчу а, ГIалгIайчу а боьлхуш хир бу аьлла хета хьукматхошна.

Амма и берриш а нах „Оьрсийчоьнан бахархой“ аьлла официале дIабазбина хиларна, царех маса нохчо я суьли ву ала аьтто бац. Иттанашкахь дагар дан йиш ю, хIинцалц схьа цIабахана гучубовларна политикан тховкIело дIаяьхначу билгал нохчий буй хуучу нехан терахь элира цо.

Австрин низамашца ша гIелонех а, ницкъбарах а веддачу махка юхаваха йиш яц мухIажаран. Бакъду, цхьаццачу хьелашкахь магадо Iедало и санна долу хьажа-хIотта вахар. Масала, доьзалера цхьаъ кхелхинех я Даймахкахь бен меттахIоттон йиш йоцу документаш дайта ваха дезнехь.