Пачхьалкхехь адамийн бакъаонаш ларъеш цахиларх дийцина Путина

Ukraine, Crimea - Vladimir Putin visited the youth educational forum "Tavrida"

Инарла прокуратуран кхеташонехь вистхуьлуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедина, пачхьалкхехь бахархойн бакъонаш ларъеш цахиларх, яздо Интерфакс агенталло.

"Прокуратуран белхахоша лурчаха билгалдаккхарехь, 3,2 миллион меттиг хилла адамийн бакъонаш талхорца доьзна", - билгалдаьккхина президенто. Иштта Путина тидам бан беза аьлла набахтешкахь тутмакхашца лелочу харцонан а.

"Бакъонашларъяран организацеша федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллаца (ФСИН) юкъахь тIехь терго латто еза, маршонах хьега нах муьлхачу хьелашкахь бу хьожуш. Кхузаманан стандарташца церан Iер-дахар дIа а нисдеш", - аьлла Путин Владимира.