Your browser doesn’t support HTML5
Лар йоцуш байначу нехан гергарчара горга стол дIаяхьара Соьлж-ГIалахь. Цхьана балано, бохамо цхьанатоьхначу цара юха а билгалдаьккхира шайгахь долу хьал.
Гуш ду, шераш мел дуьйлу цаьргахь болу бала базбалар бен, байлуш ца хилар. ХIораммо белхабора иза. ХIумма а ийза а ца луш къамел дора цара оцу гуламе баьхкинчу бакъонашларъярхошка а, юкъаралхошка а.
Цхьанакхетар долалуш Апти цIе йолчу юкъаралхочо довзийтира, эскархоша дIабигинчул тIаьхьа байначу нехан ларш хIунда карош яц.
Апти: "Лаккхарчу Iедалша, масала дуьненан Iедалша эра ду-кх вай, цара инарлашка къайлах шайн къамелехь луург де аьлла. Муьлххачу а тIамехь хуьулуш ду и санна дерг. Iедало бакъо елчий бен, цара шаьш лелийнарг гучудоккхур дац.
1едал,Кадыров,Вайн лаккхара Iедалера нах а бу шуна цунна бала а кхаьчна лелаш. Амма церан а ницкъ ца кхочу. Вайн дага догIу-кх «зачистка» йо шаьш бохуш, оьрсийн инарлаш буьйлабелча, Нохчийчуьра мел чIогIа лараме стаг схьаэцча а, цуьнга ла ца дугIура цара. ХIинца а ду шуна изза хьал".
Нохчийчохь байначу нехан гергарчарна хетарехь, Оьрсийчоьнан президенте кхайкхам бича гIуллакх хила мегара.
Вайначуьн нана: " Набахтешка талламаш бан "ас", "со" боху нах бахча, цу чуьра нах ара а бовлий, тIе герз а лоций латтабора уьш дIабаххалц. Суна хетарехь мила инарла мичахь лаьттина хууш ма ду. Путине, цкъачунна трибунал а ца хьехош, цуьнга а, оьрсийн коьрта мозгIаре а кхайкхам бича дика хира дацара теша?"
Донера гIалгIазкхийн эскаран инарла волу Дунаев Руслан а ву шен воккхах волу ваша лоьхуш. Иза хьалхара тIом болабеллачу хенахь Соьлж-ГIалан юкъахь вайна.
Дунаев: "Тахана дукха нах бу байна а, байина. Велла стаг дIаволла йиш ца хилар боккха бала ма бу. Тахана а, сайн ваша дийна каравогIур вацара теша бохуш ву-кх со.
Тайгахь цхьанхьа бу аьлла, хабар кхаьчча, цигахь болчу цхьана нахе дехар динера ас "хьовсахьара", аьлла. Сайн ваша лоьхуш суна вийна сайн классера стаг а карийра, гергарниг а карийра. Дукха оьрсийн а бара баккхий нах байина. Дукхахберш коьртах снайпер олу топ тоьхна, байина бара".
ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь кар-кара а луш лелош ду фамилеш тIехь йолу цхьа тептар. Иза Ростовера цхьана набахтехь велла араваьккхинчу тутмакхан бага а йоьллина, араяьккхийтина боху. Иза дукха хенахь дуьйна хилла хIума ду. Иза бакъ хилла а дац, боху цхьаболчу бакъонашларъярхоша. «Бакъонашларъяран центран» куьйгалхочо Эжиев Минкаила дехар дира зударшка а, божаршка а шайн гергара нах лоьхучаьрга, билггала хууш боцу хаамаш баржа ма бахьара аьлла.
Эжиев: "Ца хууш долу хIума дийцахь вайн кIезиг хетара ду шуна. Москох а хетар ду, кхечанхьа а хетар ду. Вайн хууш дерг ду ала дезаш, моьттург, хетарг а доцуш. Вайна массарна а хууш ду набахтера багахь цхьа список араяькхкина бохуш. Тахана-селхана хилла а дац иза. Нагахь санна цхьанхьа нах бу аьлла хезнехь, со а, кху чуьра Iедалан белхахой а арабевра бу шуна".
Бакъонашларъярхо Эжиев Минкаилан дуьхьала къамел дира шен байнарш лоьхучу кхечу зудчо.
Вайначун нана: "Набахтехь нохчий бац бохий ахь? Хьуна билггала хууш дуй уьш бац аьлла? Соьга оьрсиша аьлла, Тюменехь хIурдал дехьа а баьхна, хьун хьокхуьйтуш ю цаьрга. Тахана Руслан ву шен ваша лохуш. Цуьнан дог лозу. Кхечеран ца лозу. Хьекъале нах а бу вайна юкъахь, амма церан а дац цхьанна а кепара дан хIума".
Тахана официала болчу хаамашца шинна а тIамехь вайна ларалуш ву 8 эзар ца кхоччуш стаг. Амма бозуш боцучу бакъонашларъярхоша бахарехь и терахь маситтаза лекха ду.