Нохчийн депутат верехь керла факташ гучуевлла

Махкарчу полисхошна билгалъевлла кху беттан 25-чу дийнахь парламентан депутатана Асхабов Мохьмадна тIелатар диначийн машенан лоьмарш, амма хIинца а лацаза ву автомобилан долахо. Болчу хаамашца, Iаьржачу басахь Toyota Camry хилла и машен.

«Кавказан узел» агенталле меттигерчу бахархоша аларехь, «Новая газетано» юьйцу, Давыденко эвлахь латтанийн хьокъехь иккхинчу конфликтца доьзна дац депутат вер.

Схьадийцарехь, Асхабов хилла оцу юьртахь маслаIат дечу комиссина юкъахь.