Your browser doesn’t support HTML5
"Нохчийн мафи" а лаьцна, полисхоша вуно кхиаме лерина операци дIа а яьхьна, дог Iабаран синхьаамаш болуш а ву ша, шен куьйгакIеларчу Iедалхоша бинчу балхах аьлла, дIахьедар дира масех де хьалха Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Волфганга.
Цо дийцира иштта лецнарш массо а нохчий а бу, уьш Австрехь политикан тховкIело йолуш а бу, цаьргара тховкIело дIаяккхаран процесс шаьш дIа а йолийна, бохуш.
"Нохчашна тховкIело яла бахьана данне а дац", - аьлла тIетуьйхира министро.
Маршо Радионо хьалхо хьахийна ма-хиллара, лаьцнарг 9 стаг ву, цул совнаха кхин цхьана стагана дуьхьал, Iарбойн къомахчу цхьана лоьрана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх ду.
Иштта зуламан гIуллакх схьадиллина кхин цхьана Iарбочунна дуьхьал, лецначаьрца берта а вахана, шен доларчу ресторанна цIе тасарна шеконе лаьцна волчу, Iедалера ресторан ягарх ахча даккхархьама.
Амма меттигерчу хаамийн гIирсашкахь министран дешнашна тIе а тевжаш, вуно зевне "нохчийн мафина дуьхьал тохар" бохуш дийцаре дечу лецарийн, 300 герга полисхо декъа а волуш дIаяхьанчу леринчу операцин деталаш гучу мел юьйлу а хеттарш алсамдуьйлуш ду.
Масала, хьукматхочо пресс-конференци лучу кхерчахь пена тIехь лерина слайд а йина, гойтуш дара карабаьхкиначеран суьрташ, ткъа уьш шайн рогIехь журналисташа даржийра. Амма цу сурташ тIехь гуш болчех цхьаберш совцийна бац.
Цкъа мацах, дахначу Iай Венерчу Дунай-гIайренна тIехь гулбеллачуьра дIа а бигина, ши де даьлча бехк боцуш сацийна хилла аьлла, маьрша баьхна хиллачех шиъ ву сурташна тIехь.
Хиллачун духе кхиа Iалашонца Маршо Радио цхьаьнакхийтира Iедало шайгахь латточийн хIусамнаношца. Диана цIе йолчу къоначу зудчо дуьйцу.
Диана: "ДIабигинчу нахана юккъехь дIавигина сан хIусамда а ву, Саламбек ю цуьнан цIе. ДIавигина ца Iаш, сахилале чу а лилхина, тхо дийшина доллушехь, тIе герзаш а лаьцна, чохь мел долу хIума тIекIел а тоьхна, вадийна дIавигира цара иза.
Со болх беш ю, доьшуш ю, цара сан цхьацца дети хIумнаш йолчу юккъера хьаладаьккхина цу деношкахь ас схьаэцна долу алапа а дIадаьхьира.
И ахча цо нахера схьадаьккхина ду аьлла, иза а сан майрчунна тIететтира, ас и сайн ахча ду бахарх тергал а ца деш. Цул совнаха, хIинца бен невцалгIа вахана вацара иза, цунна сан наха эцна сахьт а карийна гIуткхи чохь, иза а дIадаьхьна цара, цо цхьангара схьадаьккхина ду аьлла.
Ас тхоьгахь чекаш а ю, иза оха эцна ду аьлча а, тергал а ца дора. Цо вийна стаг а вац, лазийна стаг а вац, иза суна хууш ду. Иза шен чу а вирзина вехаш стаг вара, арахь лелаш а вацара, нахех ветталуш а вацара. Доцург цунна тIекхоллар новкъа ду суна. И гIуллакх къасто ма-деззара теллича, дика хир дара. Нах бехке берш а хир бу, бехке боцурш а хир бу, амма доцург тIе а кхуллуш, нохчашна тIехь политика еш ю".
Цхьа кхечу къоначу зудчунна шен цIе яккха ца лиира, амма шен хIусамден реакцех а гуш дара бохуш дийцира цо, цунна хууш хIуммаъ доцийла а, иза бехке воцийла а.
ЦIе ца яьккхина зуда: "Хьамзатан хIусамнана ю со. Iуьйранна ялх долучу хенахь уьш чулилхича, сан хIусамда чIогIа цецваьллийла гуш дара суна, иза ша а кхеташ вацара хIун хилла. ХIун хилла, хIун дина ша бохуш хоьттура цо цаьрга, амма дийца йиш яц шай бохуш, чохь мел долу хIума тIекIел туьйхира цара. Кхин соьга информаци ца луш, иза дIавигира, тахана кIир кхаьчна, амма хIинца а тхуна иза гайтина а дац, я цуьнгара хьал тхуна хаийтина а дац".
Цу зудчо кхин дIа а дийцира, шен хIусамда а Iай Дунай-гIайренна тIехь лийцинчарна юккъехь вара бохуш. .
ЦIе ца яьккхина зуда: "Тхо цу дийнахь цхьана паркехь дара, берашца дахана. Тхо цIадогIучу хенахь цхьаммо телефон туьйхира цуьнга, юха соьга ша хIинца тIаьхьакхуьу хьуна, шу дIагIо аьлла, цига вахара иза. Схьа ца вогIуш, хьевелча ас телефон тоьхча, жоп ца лора цо, ткъа шозлагIчу дийнахь телевизионехь гойтуш дара, вуно чIогIа банда лаьцна шаьш бохуш, деста а дина. Кху Iедало нохчашна дуьхьал лелош цхьа хIума долчух тера ду-кх хIара".
Тамара а ю лецначех цхьаннан, Цабаев Муслиман хIусамнана. Муслим а вара Дунай хи йистера бигинчарлахь бохуш, дуьйцу Тамарас.
Тамара: "Чохь бераш а дара, уьш а кхерийра. Со а чIогIа кхераеллера. ХIара дIавигира цара, ткъа тхоьга хIуммаъ а ца элира, хилларг хIун ду аьлла. Тоххара а Дунай долчехь дIабигинчарна юккъехь сан хIусамда а вара, амма хIетахь иза шозлагIчу дийнахь схьаваийтира бехке вац аьлла. Телефонаш ши бутт баьлча бен схьа ца елира церан.
Ткъа хIинца протокол тIехь яздина дара, телефонашка хIетахь дуьйна ладугIуш дара, аьлла. ХIара ша вара Iада а вина лаьтташ, хIун хилира-те хIинца бохуш. Цо цхьаъ дина хилча, цунна шена цхьа хIума хууш хилча, иза соьга ца олуш Iийр вацара аьлла хета суна, варийлахь, ларлуш хиллахь, аьлла. ХIинцаъ гайтина вац тхуна а иза, кхана".
Замин хIусамда Бекхан а ву лаьцначех цхьаъ. Иза дахначу шарахь Шема ваха гIоьртина аьлла цкъа кхеле а озийна, амма иза бакъ ца хиларан тоьшаллаш а карийна, бехках маьрша а ваьккхина дIахецна вара бохуш дуьйцу цо.
Зама: "Тхо кхузахь гулдаларан бахьана ду, тхайн цIийндай бехке боцийла дIахаийта лаар ду. ХIара хIума хилчахьана дуьйна хезаш дукхаъ хабарш ду нохчашкара а тIаьхьа, дукха дестийна а дуьйцуш. ХIума иштта десто мегар дац, хилларг хIун ду а ца хууш. Лаца а лаьцна, шарахь таллам беш чохь валлийра сан цIийнда Грац гIалахь, цуьнан бехк боцийла хиинчул тIаьхьа маьрша а ваьккхина, цIаваийтира.
Кху Венехь иза вевзачарна массарна а хууш ду, иза бехке воцийла. Иштта хIума ду хIинца дерг а".
Цу юкъана лийцинарш Австрерчу тайп-тайпанчу набахтешкахь бу. Царех масех маьрша валийтина боху информаци бух боцуш карийра Маршо Радиона.