Your browser doesn’t support HTML5
Массо кIошт-ярташкахь хаало гIурбанна духку уьстагIий тIехь некъаца могIа бинна дIахIиттина лаьтта машенаш. Соьлжа-гIалин кIоштан цхьана эвлахь ю тхо тIехIиттина хIара базар.
ХIара сурт цигахь дIаяздина ду.
Маршо Радио: Кхарах хIун доьху?
Йохкархо: "Муьлххачух а 5 эзар доьху. Хьайна беззарг хоржур бу-кх ахь. ДIо машена тIехь 6-7 эзар доьхуш долу уьстагIий а ду…"
Бахархоша шаьш даре дарца, юкъараллехь даьржина хабар ду Iедало миска, гIийла бохкучарна деза деношна лерина сагIина уьстагIий доькъур ду бохург.
Циггахь гIалина гергарчу эвларчу вахархочо Хаважис мукIарло дира, нахана доькъу уьстагIий байначу беттан 2-чу дийнан делкъал тIаьхьа схьакхача дезаш ду аьлла.
Хаважи: "Тахана сагIина луш дерш схьакхача дезаш ду. Цхьа бIе уьстагI бу бохуш хабар ду, билггал ала-м хаац. Уьш кхаа юьртана далош хила а там бу. Хала бохкурш дIаязбина бу. Кхушара суна беллехь тIедогIучу шарахь хьуна лур бу. Массо каппашкахь билгалбаьхна нах бу. Цара дIасадоькъур ду уьстагIий".
Махкахоша билгалдаккхарца, дукхахболчара деза духкуш дац ГIурбана уьстагIий. Цхьаболчара уьстагI дийна болуш, масала, иза 50 кийла белахь, цхьана кийланан мах 13 туьма а хадийна, дIадухкуш. Нагахь уьстагIера герггарчу барамехь 30 кийла жижиг дера делахь, кийланах 25 туьмий бен ца доккхуш духкуш берш а бу.
Делахь а, массеран цхьа мах а хIоттийна дIадухкуш берш хаъал дукха бу. Лавди аьлла шен цIе яьккхина долахо санна. Цунна шена хетарехь цо деза ца духку дилхалахь долу уьстагIий.
Лавди: "Сан мах 5.500 сом бу уьстагIах. ХIумма а деза дац. Стенна аьлча, уьстагIах 18 кийла а йолу, 19 кийла а йолу.."
Бахархошца дагавийлича гучудолу ГIурба ден йиш йоцуш биснарш кIезиг цахилар. Иштачех цхьаъ ву 64 шарера пенсахо Веданан кIоштера Халила а. Шен таро ца хиллехь а, иза воккхавуьйш ву, бов ваьлла вехачу кIентан кхушара и де аьтто болуш.
Халил: "Сайн таро хилчу сайна тIера гIурба дуьйр дар-кх аса а. Сан я-м яц и таро. Со пенси тIехь Iаш ву. Иза а кхара тIекIалдилла дуьтуш а дац «хIоккхуй, эцций» бохуш. ХIинца оцу шена Iачу кIанта гIурба дуьйш воккхавеш Iаш ву-кх со. Сайн таро йолчу хенахь ас даима а дийна гIурба".
Дуккха а шерашкахь ца дуьйш а Iийна хIинца гIурба де каяьлларш а карбора шортта. Царех ву Новр кIоштера вахархо Мусбек а, циггара Алпатов юьртара Раиса а.
Мусбек: "ХIара хала хан ю, адам тасаделла доллу. ГIурбанехь дакъалаца йиш йоцу адамаш дуккха а ду. Со масийтта шаре ваьллера ГIурба де йиш йоцуш. Со муха Iийна а Далла гуш ду. Пенси а доладелла аьтто хили сан хIинца. ТIейогIучу ханна кхин юьстах ца виса-м хьожур ву со".
Раиса: "Оха ГIурба деза дукха хан яра. Кхушара делан къинхетамца аьтто хили. Дала къобалдойла гIурбанаш. ХIинца хIара мискачарна кхачийта гIерташ ма хуьллу дохкуш-м ду тхо".
МогIарерчу наха тоьшаллаш а деш, ГIурбан денош тIекхаьчча хьаам беш мехала цхьа хIума а ду вайнехан юкъараллехь шуьйра даьржина. Наха вовшех а дага а буьйлуш, хала хене бовлуш болу доьзалш шаьш-шайлахь коьртах а бохий, дIакхачадо ГIурбанан дакъош.