Мехаш дестарна сагатдеш бу 61 процент Оьрсийчуьра бахархой

Левада-Центро бинчу талламца, Оьрсийчохь мехаш дестарна сагатдеш бу 61 процент цу махкара бахархой. 45 процент респонденташ саготта бу махках къелла хиларан.

Цуьнца цхьана, дIадаханчу шина-кхаа шараца дуьстича, мехаш дестар а, махках къен нах хилар а проблема хетачу бахархойн терахь лахделла хилар гайтина Левада-Центран талламо.

Масала, 2015-чу шарахь мехаш хьаладовлуш хиларо синтем байинчу нехан терахь дара 71 процент.