Оьрсийчуьра ши эскархо вийна Шемахь

Шема, Дейр-эз-Зор провинци. 2017.

«Исламан пачхьалкх» олучу тобанан Iемалоша Оьрсийчуьра ши эскархо вийна Шемахь. Цунах лаьцна хаам бина Интерфаксо, тIеман министраллан хьастана тIе а тевжаш.

Вийна волу шиъ хилла контрактаца Шема тIаме вахана. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дийцарехь, Оьрсийчуьра тIеман коврана минанаш кхуьссу тоьпаш йиттина тIемалоша Дейр-эз-Зор провинцехь.

2017 шо доладелчхьана Шемахь вийна лаххара а 40 Оьрсийчуьра эпсар а, салти а.