Австрехь тховкIело елла нохчо лацар гIалат лерина Чехин Конституцин кхело

Чехин полисхой

Чехин Конституцин кхело сацам бина регионан суьдо гIалат далийтина, нохчийн къомах волу Мукушев Руслан цхьана Оьрсийчоьнан дехарца дIа а лаьцна, аьлла, хаам бо Чехин зорбанан гIирсаша.

Мукушев политикан тховкIело елла ву Австрехь 2004-чу шарахь дуьйна. 2017-чу шеран Дечкен-баттахь иза лецира Австрин а, Чехин а дозанехь.

Чехийн ницкъаллийн структурийн органаша Мукушев лаьцна латтийра, цунна экстрадици яйта гIертачу Оьрсийчоьнан дехарца.