Мьянмерчу бусалбанашна гIортор еш пикет ца яйтина Москох Iедалша

Москох Iедал реза ца хилла Мьянмерчу бусалбанашна гIортор еш пикет яйта. Цунах лаьцна "Дождь" телеканале хаам бина и акци вовшахтоха дагахь хиллачу жигархочо Хасавов Арслана.

Цо дийцарехь пикет дIаяхьа дагахь вара иза Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь Москох Мьянман векалаллана хьалха.