Кадыровн фондо ХьаьжцIа бахийтина нах цIабирзина Соьлж-ГIала

Хьажой цIабирзина Соьлж-ГIала (Маршо Радион архивера сурт, 2013)

150 Нохчийчуьрчу вахархочух лаьатта хьаьжойн тоба Соьлж-ГIала цIайирзина СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхера дIаяханчу буса, хаам «Кавказский узело».

Нохчийчуьрчу муфтиятан векалша дийцарехь, уьш бу Кадыровн фондо ХьаьжцIа бахийтина нах.