Буданов виц ца во Москох

Москохарчу Комсомолан проспектехь, Буданов Юрий вийначу меттигехь хIоттийна хIоллам тобеш, белхаш дIаболийна Iедалан хьукматийн белхахоша. Цига Iаьржда латта а деъна, зезагаш дуьйш, дола деш бу Iедалхой.

Нохчийн йоI Кунгаева Эльза хьийза а йина, йийна оьрсийн эпсар Буданов Юрий набахтехь 6 шо а даьккхина араваьккхинчул тIаьхьа, дукха ца Iаш вийра, тапча а йиттина.

Бехкевина нохчо Темирханов Юсуп набахтехь валлош ву.