Шема 14 миллион доллар дахьийтина Кадыровс

Кадыров Рамзан. Байраков Зубайран сурт. ТАСС

2013-чу шарахь Шемарчу Алеппора дохийна Омейедовн маьждиг юхаметтахIоттош ду Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо. 14 миллион доллар ахча хIинцале а Шеман чоьте даьккхина аьлла, хаамбина Алеппон муфтийс Акем Махьмуда.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша маьждиг дендийр ду аьлла кху шеран Iай дийца даьккхинера дуьххьара.