ГIалгIайчуьра вахархо Оьрсийчоьне дIавала дагахь ю Бельги

2004-чу шарахь дуьйна Бельгехь Iаш волу Джамбулатов (ненан фамилица Хаматханов) Хезир дIалаьцна Белгин полисхоша селхана, Гезгамашин- беттан 12-чохь, ша Iаш волчу Гент цIе йолчу гIалахь, Оьрсийчоьнан лехамашкахь ву, аьлла. Джамбулатов Хезиран 4 бер ду. МухIажиран статус ца луш 3-зза дуьхьало йина цунна Белгин Iедало, амма 4 беран а, хIусамненан а оцу пачхьалкхан вахархочуьн статус ю.

Ша дIалахь, шен дахарна кхерам хилар хаийтира Хезира шеца зIене яьллачу Маршо Радиога, хIунда аьлча ша дина доцу даккхий зуламаш ду Оьрсийчохь шена бехке дохкурш, аьлла.

ЦIахь дIалийцина чубоьхкинчу шен накъостийн бехктакхаман гIуллакх юккъехь юьйцуш ю шен цIе, шегара мел ца даьллачу хIуманна ша бехке а веш, цара ша зуламаш дина боху хан - ша Белгехь Iаш волу хан ю, элира Хезира.

Адвокато диканах дог даха меттиг ца йитина Джамбулатов (Хаматханов) Хезирна.

Депортан лагерехь латтош ву иза карарчу хенахь. Уггаре дукха 5 дийнахь Оьрсийчоьне дIалур ву, аьлла Хезир.