Соьлжа-ГIала кечлуш ю Басковн ловзар хIотто

Бутт хьалха Нохчийчу веанчу хенахь оьрсийн шоумена Басков Николайс, Кадыров Рамзан, теш а хIоттош, дIахьедира, ша гурахь модел Лопырева Виктория яло дагахь ву аьлла. Кадыровс тIедожийра ловзар Соьлжа-ГIалахI хIоттор.

Басковс бахарехь, ловзар хир ду шина декъехь: хьалхара Соьлжа-ГIалахь, мехкан куьйгалхочун гIоьнца, тIаккха Москох.

Цул совнах, доьду той ган аьтто хир бу хьовсархойн федералан цхьана телеканалехула.