Нохчийчохь зуламаш дар лахделла, боху министро Алхановс

Алханов Руслан.

Нохчийчохь зуламаш дар лахделла, боху Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан куьййгалхочо Алханов Руслана, хаам бо kavtoday.ru.

Министро дийцарехь, 12,5% лахделла юкъараллин меттигашкахь зуламаш дар, 23% алсам бехктакхаман гIуллакхаш хьажийна кхелашка, 5% алсамдаьлла зуламаш дина нах карор.